АллахΙана хастам бу, Ιаламийн Эла волчу.
Салават а салам а хуьлда шел тΙаьхьа кхин
пайхамар воцчу, вайн пахамарна
IабдуллахΙа воIана Мухьаммадна.
Цул тIаьхьа: Баккъалла а бусалба динан
Iилманаш даржор доккха маьIна долуш ду
бусалба дин довзайтарехь, цуьнан баххаш
чIагΙдарехь, вайн уммат дендаларехь, иза
кхиарехь.
И Iалашо ю Ислам Iаморан университето
шена хьалха хIоттийнарг, бусалба дине нах
кхайкхарца а, иза хьехарца а.
И Iалашо кхочуш ярехь дакъа лоцуш,
университетехь йолчу Iилманан талламан
администрацин ойла хилира Iилманан
белхаш бан. Оцу белхашна юкъа богIу –
Исламах а, цуьнан дикаллех а хазаллех а
лаьцна Iилманан талламан белхаш бар, уьш
баржор, вайн умматна довзайтуш бусалба
дин а, цуьнан кхетамаш а хьукманаш а,
нийсачу хаамашкара.
Ткъа хIара жайна ( Ислам доцца
довзийтар) администрацин белхех цхьа
болх бу. Университетера хьехархошка
яздайтира хIара жайна, тΙаккха
администрацехь йолчу Iилманан талламан
комиссига таллайтира, тΙаккха тΙетоха






0 التعليقات:
إرسال تعليق
شاركنا برايك